127. Духьа ламаз мух дан деза, из дича хIу йал хуьла ? Абу Халид.

  Рет қаралды 76,214

KANZU TULLAB

KANZU TULLAB

Күн бұрын

🌼 Духьа ламаз 🌼
☑️ Духьа ламаз дар вуно чIогIа деза а, мелехь а ду, вайн догIмийн хIора хIуттургах дала деза сагIа тIерадоккхург ду иза, хьадисехь деана ма-дарра.
▪️Куц:
Дагахь духьа ламаз дан аьлла ният хир ду;
Лаххара барам 2 ракаlат, лаккхара барам 8 ракаlат, хlора ши ракаlат дlадаьлча салам а луш.
▪️Хан:
Малх схьакхеттачул тlаьхьа 10-15 минот яьлча дуьйна делкъа хан хила цхьа пхи минот йиссалц.
☑️ Духьа ламаз Пайхамара (ﷺ) лардарца весет дина ламаз ду.
▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
“Сан доттагIчо (Пайхамара) суна весет дира кхаа хIуманца: хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а, духьа ши ракаIат ламаз дарца а, сой дIавижале витр-ламаз дарца а”.
Муслим: 721
☑️ Духьа ламаз Деле боьрзучеран ламаз ду.
▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) элира аьлла:
"Духьа ламаз лардийр дац даим Деле воьрзуш волчо бен, иза Деле боьрзучеран ламаз а ду”.
Сахьи́хь ал-Жа́миI: 7628
☑️ Духьа ламаз дар йоккха хIонс яккхарал деза ду.
▪️Абу ХIурайрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: “АллахIан Элчано (ﷺ) тIаме цхьа тоба яхийтинера, тIаккха цара йоккха хIонс еара, тIелатар дукха сиха а динера цара. Цхьана стага элира: “ХIай АллахIан Элча! ХIокху тобанал сиха тIелатар дина а, йоккха хIонс еана а кхин тоба гина яц-кх вайна!” АллахIан Элчано (ﷺ) элира: “Ас вийци шуна церал сиха тIелатар динарг а, кхин а йоккха хIонс яьккхинарг а? Эца ма-дезза дика ламаз а эцна, тIаккха маьждиге а вахана, цу чохь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха цул тIаьхьа (шен хенахь) духьа ламаз динчо тIелатар сих а дина, йоккха хIонс а яьккхина”.
ас-СилсилахI ас-Сахьи́хьахI: 2531
☑️ Ӏуьйранна духьа ламаз динчунна АллахIа тоам бийр бу массо хIуманна.
▪️АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: “Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа бах: “ХIай Адаман кIант! Де дIадолалуш диъ ракаIат ламаз де Суна, Ас цаьрца дийнан чаккхенна тоам хуьлуьйтур бу хьуна”.
Тирмизий: 475
☑️ Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа духьа ламазан хан тIекхаччалц маьждигехь а Iийна иза динчунна мел бу хьаж а, Iумрат а динчунна санна.
▪️АллахIан Элчано (ﷺ) аьлла: “ЖамаIатехь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха АллахI хестош духьа ламаз даллалц маьждиг чохь сецнарг - цунна цунах мел хир бу кхоччуш, кхоччуш, кхоччуш хьаж а, Iумрат а динчунна санна”.
Сахьи́хь ат-ТаргIи́б: 464
☑️ Адаман дегIан хIуттургашна хIора денна тIедожийна долу сагIа кхочуш хуьлу духьа ламаз дарца.
▪️Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (ﷺ) элира аьлла: “ХIора Iуьйранна шун хIора хIуттургана тIе сагIа дужу. Ткъа хIора тасбихь дар (субхьа́наллахI алар) сагIа ду, хIорозза АллахI хастор (алхьамдулиллахI алар) а сагIа ду, хIора “ла́ила́хIа иллаллахI” алар а сагIа ду, хIора такбир (АллахIу акбар) алар а сагIа ду, диканиг де алар а сагIа ду, вониг ма де алар а сагIа ду. Ткъа цунна тоам бийр бу духьа хенахь динчу шина ракаIато”.
Муслим: 720
▪️Абу Бурайдата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: “Суна хезира АллахIан Элчано (ﷺ) олуш: “Адаман дегIехь кхо бIе кхузткъа хуттург ю. Ткъа цунна тIехь ду оцу хIора хуттургана тIера сагIа далар”. Асхьабаша элира: “Хьенан кхочур бу и дан ницкъ, хIай АллахIан Элча?”. Цо элира: “Маьждиг чохь йолу шатт ахь дIаяккхар а сагIа ду, некъа тIера (новкъа йолу) хIума ахь дIаяккхар а сагIа ду, ткъа нагахь санна хьан ницкъ ца кхачахь - духьа шина ракаIато тоам бийр бу хьуна цунна”.
Абу́ Да́ву́д: 5242
▪️Имам Iабдур-Рахьи́м Ал-Iира́къийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) бах, оцу хьадисан маьIна деш: Оцу хьадисехь гойтуш ду духьа ламазан доккха дозалла, цо гойту и ламаз кхо бIе кхузткъа диканан меттина хуьлуш хилар.
Ибн Iабдил-Барра аьлла: Духьа ламазан дозалла гойтуш долу уггар кхачаме хIума ду иза.

Пікірлер: 97
@samdungtab2960
@samdungtab2960 Жыл бұрын
Аллах1 рез хийл,са ваш! Суннат ламазаш массо дицахь,мел хир бар хьун,бераш ду 1амо дезаш и суннат ламазаш д.
@Privatikus
@Privatikus Жыл бұрын
Ас ният до 2рака1ат Духьа Суннат ламаз Аллах1 далла да Аллах1у Акбар олий доладо. 2 бисмил, 1---аттахь доьшу.
@ХаваЭльмурзаева-х6д
@ХаваЭльмурзаева-х6д Жыл бұрын
Аллах1 Дала Дика лойлакх хьун ма хаза хьоьху ахь
@95-95-fr8sy
@95-95-fr8sy 11 ай бұрын
Дуьхьа ламаз шукру оли
@ИсмаиловаАсет
@ИсмаиловаАсет 10 ай бұрын
Буьйс дик йойл.2рака1ат ламаз шиъ да дезш хуьли из?Йа ца1 да дез,4 рака1ат духьа ламаз да ният дин?
@iznaur95481
@iznaur95481 6 ай бұрын
Маша Аллах1
@ТаусБакаева-х1щ
@ТаусБакаева-х1щ 4 ай бұрын
Ма ша Аллах
@aavavaa4971
@aavavaa4971 3 жыл бұрын
Духьа ламазаш да иман лойла вайна везан ДЕЛА
@СмартСервисе-т6щ
@СмартСервисе-т6щ 2 жыл бұрын
Дел рез хилийл хьун к1ант! Ма хаз Мотт бу ахь лебеш Берг! Ма жими, ву хьо! Ма хаза дуьйц ахь из! Ас духьа ламазш деш ду мне на работе одна молодая женщина подсказала ее́ значимость этого намаза, с тех пор я делаю и слушая Вас еще́ больше желания появляется! Вы умеете донести до ума и Вас можно услышать с первого раза! Дел рез хилийл хьун юхуъ! Матери родившей такого уче́нного с толь в молодом возрасте огромное спасибо ей от всего сердца она воспитала настоящего сына и патриота во всех смыслах этого слова🙏
@AishatBersanova
@AishatBersanova Ай бұрын
Амин йа Аллах. Ч1огь хаз дуьц цо,дала ше доьхь хилитойл цуьн из.
@МадинаБагаева-с3т
@МадинаБагаева-с3т Жыл бұрын
Аллах1 реза хилл хьун.
@ГогиГоги-з3ь
@ГогиГоги-з3ь Жыл бұрын
Ма ша Аллах1, Аллах1у Акбар.
@emineminov9035
@emineminov9035 2 жыл бұрын
ALLAHU AKBAR
@__-sl7xs
@__-sl7xs 5 жыл бұрын
Ма дукх дез Сун шу Аллах доьхь ма дукх пайд эц ас шугар Аллах рез хил шун табук вежри
@фахрия-г8о
@фахрия-г8о 5 жыл бұрын
Хадиджа Хадиджа аминь
@МалефисентаЧР
@МалефисентаЧР 5 жыл бұрын
Валлах1и асаам эцна хьун Кху нахер дукхаъ пайд Альхьамдулиллах1 Аллах1 рез хуль шун масярнаъ Аллах1ац бол некъ беза безш лел барн Аллах1и доьхь вовши дезарн 🌺
@аыааыаыаыа
@аыааыаыаыа 4 жыл бұрын
АЛЛАХ1 1ЕЛАМ БАКЪЛУЬШ БОЛ НАХ ДЕШ ДОЛ ДО1АНАШ БАХЬАН ДОЛШ ФЕРДОВС ЯЛСМАНЕХЬ ДОЙЛ ВАЙ МАССОА АМИЙН Ж С
@этоя-и8в
@этоя-и8в 3 жыл бұрын
Дела реза хюлд хьуна,дала шъен доьхь дойл ахь дела доьхь мял лелош долчунна.
@zukhra_polsha7564
@zukhra_polsha7564 3 жыл бұрын
МашаАллах1 пайд хили сун цу хьехамехь
@انسان-خ7ش
@انسان-خ7ش 3 жыл бұрын
Ла хьавла вала къуввата илла биллах1
@Райхан-ъ1н
@Райхан-ъ1н 2 жыл бұрын
МА ШАА АЛЛАХ1 ТАБАРАКАЛЛАХ1 ДЕЛА ЛЕЛ ХЬО ЛЕЛ НЕКЪАШ МОГУШ МАЬРША ВЕЗАН ДЕЛА ' МА ХАЗ ДИЙЦИ ЦО И ЙА АЛЛАХ1 🤲😍 ДАЛАМУКЪЛАХЬ ШУ ДЕГ ТЕШ ДОЛШ НИЯТ МА ДО АС ДЕЛА ДУЬХЬ И ЛАМАЗ ДАРРА ИН ШАА АЛЛАХ1 🤲😭❤ СА ВАШ АЛЛАХ1 РЕЗ ХИЛИЛ ХЬУН ВЕЗАН ДЕЛА .. АЙХЬ Х1ОР МЯЛ БОКХ КОГ ВУОЗА ' МАЬРША' МОГУШ БОКХИЙЛА АХЬ АЛЛОХ1УММА АМИН ЙА РАББИ ЙА АЛЛАХ1 ВЕЗАН ДЕЛА 🤲💖..
@ДеревоПлод
@ДеревоПлод 2 жыл бұрын
🤲 Алла́х'умма, г'фирли, му'минина валь му'мина́т 🤲
@Зама-г2ы
@Зама-г2ы 2 жыл бұрын
Муслимина валь муслимат
@Рум-з5я
@Рум-з5я 6 ай бұрын
😢😢😢Субханалахь Я Аллахь он разговаривает со мной через мой телефон, я начала недавно Духа намаз и наткнулась на это видео😢😢я Аллахь Субханалахь 😭 Аллахь хочет слышать нас АЛЬХАМДУЛИЛАХЬ АЛЛАХЬ ЗНАЕТ ВСЕ ЧТО СКРЫТО, МЫ НЕ ЧЕГО НЕ ЗНАЕМ☝️
@РазетУсманова
@РазетУсманова 2 жыл бұрын
ДЕЛ РЕЗ ХУЬЛ ВАЙН МАССАРНА.. ХАЗ ХЬЕХАМ БУ.... МА ША АЛЛАХ|... ДАЛ МУКЪЛАХЬ И ДУХЬА ЛАМАЗ ДАЬШ Ю ДАЛ МУКЪЛАХЬ.. ДАЛА ВАЙ ДО|АН ЖОП ЛОЙЛ...
@roza_0372
@roza_0372 2 жыл бұрын
Алхьамдуллах1 м бокх къихетам бинах вайх😔
@МубарикДансаликова-ы4т
@МубарикДансаликова-ы4т 4 жыл бұрын
Альхамдулиллах1🤲🏻 Я Аллах1 ма къинхета вукъ хьо🤲🏻 Чакхе йоцу хастам букъ хьуна 🤲🏻Даиманна ❤️
@ДеревоПлод
@ДеревоПлод 2 жыл бұрын
🤲 йа́ мук'аллибаль к'улюби, ссаббит к'альби 'ала диника 🤲
@ДеревоПлод
@ДеревоПлод 2 жыл бұрын
🤲 Роабби́, зидни 'илман 🤲
@Privatikus
@Privatikus Жыл бұрын
Ас ният до 2 рака1ат духьа Суннат ламаз Аллах1 далла да Аллах1у Акбар.Рака1ат---это читаеш стоя полностью бисмил.
@hasanisaev7673
@hasanisaev7673 2 жыл бұрын
Allah1u Akbar
@addadd6776
@addadd6776 3 жыл бұрын
Альхьамдулиллах1
@adamorzaliev749
@adamorzaliev749 2 жыл бұрын
Дел рез хил
@ЛейлаДзарахова
@ЛейлаДзарахова 4 жыл бұрын
Аллах раьз хилва шоан
@этоя-и8в
@этоя-и8в 3 жыл бұрын
Амин йа Аллах.
@ЯАЛЛАХ1КЪИНХЕТАМБЕАХЬ
@ЯАЛЛАХ1КЪИНХЕТАМБЕАХЬ 6 жыл бұрын
Де дика хилла суннаташ т1аьхьа аяташ доьши цхьа болчара ца доьша ола. Дела реза хилла.
@grobaltrend3641
@grobaltrend3641 4 жыл бұрын
Я Аллах1 ма дика пайда оьцу ас шу хьехамаш
@Саидэми-в7ц
@Саидэми-в7ц 4 ай бұрын
Истаракъ ламаз мух да дез
@Саидэми-в7ц
@Саидэми-в7ц 4 ай бұрын
..
@ИманИслам-г3ж
@ИманИслам-г3ж 5 жыл бұрын
И дарахам хаар массарнаъ , и мух да деза , ниат мух да деза , г1алат доцш да 1амварах , лаьцан хьах дайш
@Силавединстве-е4к
@Силавединстве-е4к 3 жыл бұрын
Ас ниййат ди, шиъ ра1ат духьа сунат ламаз Далн да Аллах1у акбар!
@zairaabdulkadirova3847
@zairaabdulkadirova3847 3 жыл бұрын
Шаьш рез ц хилч ла ъунд дух юх юх дицна дюцш вай и вай ишти ц дюц и
@МаймултБибулатова
@МаймултБибулатова 11 ай бұрын
❤❤❤❤
@Зама-г2ы
@Зама-г2ы Жыл бұрын
Мац да дезам дийца, мух да деам ца эла
@ЛуизаДадаева-м7р
@ЛуизаДадаева-м7р Жыл бұрын
Муха да деза,хӀу деша деза
@ЮнузХасмагомадов
@ЮнузХасмагомадов Жыл бұрын
Как обычно,шиш рака1ат..
@АрбиАсхабов-л6п
@АрбиАсхабов-л6п Жыл бұрын
☝👍🤝
@ХамзатГоргаев
@ХамзатГоргаев 5 жыл бұрын
Ассаламу 1алайкум..бусульба вежри а йижрий. Ният ишта да дезаш. Аса нияд до духьа ши рака1ат суннат ламаз да АЛЛОХ1У АКБАР, оли, ишта шишша рака1ат диъ ламаз до,
@ЖанетаИсаева-щ2я
@ЖанетаИсаева-щ2я 4 жыл бұрын
За один раз деш дуй и 4 ламаз?
@АлексаГромоваРозалина
@АлексаГромоваРозалина 4 жыл бұрын
@1abdulLah Muhammad ассаламу алайкум..ламазах лаьцна хаттар дара са..фарз ламазана дагахь да деза ният? суна хезна дац иштта хума..
@АлексаГромоваРозалина
@АлексаГромоваРозалина 4 жыл бұрын
@1abdulLah Muhammad духьа ламазана дагахь хилийта бах ахь ният?
@obargzelamh6063
@obargzelamh6063 2 жыл бұрын
Ассаламу 1алайкум 4 рак1ат ца бох цо аш 4 ламаз бох дикк ла дог1иш
@ShamMekka-vt3tb
@ShamMekka-vt3tb Жыл бұрын
☝☝
@Privatikus
@Privatikus Жыл бұрын
Если не знаеш Духьа можеш суры , которые знаеш. НАПРИМЕР: КЪУЛХ, КЪУЛ--1АВЗАШ Т. Е. ФАЛАКЪ и Ннас , а можно просто къулхнаш, затем прочитать сидя аттахь дать салам и завершить
@Privatikus
@Privatikus Жыл бұрын
Читаеш 2 бисмил 1---аттахь. Если знаешь после бисмил можно суру Духьа. После 2ой бисмил читаеш Суру которую знаеш.
@umarbakaev4904
@umarbakaev4904 Жыл бұрын
Масс дялч да мегш ду духьа ламаз
@Privatikus
@Privatikus Жыл бұрын
Начало внизу, а конец в верху
@ТасяВисаева
@ТасяВисаева 5 ай бұрын
Это как утренний намаз?
@sawtooth2289
@sawtooth2289 5 жыл бұрын
У
@фахрия-г8о
@фахрия-г8о 5 жыл бұрын
Шит ракаат муха до уьш
@krissvektor5614
@krissvektor5614 5 жыл бұрын
ПО ДВА РАКААТ ШИЪ БИСМИЛЛАЙ ЦХЬА АТТАХЬЯТ КАЖДЫЙ ЛАМАЗЕХЬ КХЕТТУЙ ХЬО
@Nohcho8795
@Nohcho8795 4 жыл бұрын
@@krissvektor5614 например 12 рака1ат деш хилч 6 ламаз да дезкх ас дези?
@krissvektor5614
@krissvektor5614 4 жыл бұрын
@@Nohcho8795 деза брат ши ракаат ца деш ма1екх
@krissvektor5614
@krissvektor5614 4 жыл бұрын
ши бисмиллай цхьа Аттахьят это 2 ракаат а 12 ракаатов это 6 намаз и это замак в раю
@mnbvcxzlkjhgfdsa2728
@mnbvcxzlkjhgfdsa2728 4 жыл бұрын
Дехардара хьехамбеш ц1ха аьллар несколько раз повторять ца дар цхьана кехат т1е д1аяздай и деша
@lindalindina5293
@lindalindina5293 4 жыл бұрын
Ахь хазам дуьцар яр по порядку ахь дуьцаряхь кхитар вар . Ахь ц1хьаа доли юха 12 дуьца. Со вообще ца кхита ахь дуьцачох. Мух иц диза йа ламаз мух дехк диза ца эли ахь . Готтор ч1ог1 дица ца г1ертш ахь просто простым языком дицача дикох кхитар дар тхо са ваш. Дала ял лойл шуна .
@ladalargus7448
@ladalargus7448 4 жыл бұрын
Хьуна ца хиъчи дац х1умма, хьайн г1иллакх 1амаде, т1аккх цуо дуьцух кхетар ву хьо.. гуттар ч1ог1а дийца ца г1ертш х1унда бах ахьа?
@lindalindina5293
@lindalindina5293 4 жыл бұрын
@@ladalargus7448 хьаерзал г1илакх хьун 1амо ду хьун соьгахь . И Ху къамел ду ахь дириг? Хьун ца хиача дац хума бохарг ? Я что к тебе обращаюсь? Ас бохар ца кхетяхь хьайн ца хуарг ца дуьцш 1и хьо йолчахь . Я имею ввиду по простому языку объяснить что бы все поняли. Ты тут ставляешь свои ржавые пять копеек.
@СмартСервисе-т6щ
@СмартСервисе-т6щ 2 жыл бұрын
Г1илакх дикам дар
@Самсунг4566-п5ы
@Самсунг4566-п5ы Жыл бұрын
@@ladalargus7448 л
@ЗайнаХасуева-ж5с
@ЗайнаХасуева-ж5с 28 күн бұрын
Заказах ляц дица
@ИсламАсхабов-з3б
@ИсламАсхабов-з3б 6 жыл бұрын
Ассаламу Алайкум Варахьматуллах1и Вабаракатух1у са ваш ният мух до и ламаз даьш хен???
@Nohcho8795
@Nohcho8795 4 жыл бұрын
@Muvahhid1441 موحد١٤٤١ например 12 рака1ат деш хилч 6 ламаз да дези по 2 ракс1ата?
@Tod-s2e
@Tod-s2e Жыл бұрын
​@@Nohcho8795 и хаъ луъш со яркх,ас 12 ламаз Дина по 2 рака1ата каждый,нийса дег хаа лаар, Аллах1 реза хийла Вайн !
@DUDAYEVSKI
@DUDAYEVSKI Ай бұрын
❌ «Кто совершит молитву ад-духа в 12 ракаатов, Аллах построит для него дворец в Раю». Оценка достоверности: • Имам ат-Тирмизи охарактеризовал этот хадис как “гIариб / غريب” (редкий или малоизвестный), что указывает на его слабость. • Хафиз Ибн Хаджар аль-Аскаляни в своей книге “ат-Тальхис” (2/21) также отметил слабость этого хадиса. • Шейх аль-Албани в своем труде “Да’иф аль-Джами’ ас-сагир” (№ 5658) классифицировал этот хадис как слабый.
@whatssmart4094
@whatssmart4094 6 жыл бұрын
хатар дар са да,как свами связатся???
@имяфамили-б1ч
@имяфамили-б1ч 6 жыл бұрын
Брат телеграмм чохь канал ю хьун '' хаттар жоп 2 "
@whatssmart4094
@whatssmart4094 6 жыл бұрын
Ссс Ааа Делла рез хила.
@ЮнадиАхаев-м8р
@ЮнадиАхаев-м8р 5 жыл бұрын
Салам алейкум варахьматуллахь Ахи!
@ЮнадиАхаев-м8р
@ЮнадиАхаев-м8р 5 жыл бұрын
Как вас найти в телеграмме?
@добраядуша-р6к
@добраядуша-р6к 5 жыл бұрын
Не хьадискехь а хьадисехь.
@SedaVald
@SedaVald 5 жыл бұрын
И дар ял это понятно!вы лучше бы подробнее рассказалибы как его без ошибок совершать.тридцать раз ходис повторили но об остальном ни слово
@SedaVald
@SedaVald 5 жыл бұрын
И почему каждый по разному говорит о совершении намаза ?!🤔
@СмартСервисе-т6щ
@СмартСервисе-т6щ 2 жыл бұрын
Слушайте и других тоже, в чём проблема? И так старается парень очень хорошо говорит, очень честный, светлый парень!👍👍👍🙏
@ТасяВисаева
@ТасяВисаева 5 ай бұрын
В какое время его читать?
@добраядуша-р6к
@добраядуша-р6к 5 жыл бұрын
Не сакъ ,а саг1а.
@РукиятУсаева
@РукиятУсаева Жыл бұрын
Садакъа бохучу дашах схьадаьлла дуй-те и дош?
@emineminov9035
@emineminov9035 2 жыл бұрын
ALLAHU AKBAR
@emineminov9035
@emineminov9035 2 жыл бұрын
ALLAHU AKBAR
@emineminov9035
@emineminov9035 2 жыл бұрын
ALLAHU AKBAR
@ШамПоб
@ШамПоб Жыл бұрын
Ассаламу 1алайкум, 2 ракъат масс до доъ да мегш дуй??
@emineminov9035
@emineminov9035 2 жыл бұрын
ALLAHU AKBAR
@emineminov9035
@emineminov9035 2 жыл бұрын
ALLAHU AKBAR
@emineminov9035
@emineminov9035 2 жыл бұрын
ALLAHU AKBAR
@emineminov9035
@emineminov9035 2 жыл бұрын
ALLAHU AKBAR
КАК ЧИТАТЬ ДУХА НАМАЗ (Наглядно)
6:36
Исламские Видеоуроки
Рет қаралды 111 М.
ВЛОГ ДИАНА В ТУРЦИИ
1:31:22
Lady Diana VLOG
Рет қаралды 1,2 МЛН
Духьа ламаз муха до
6:21
CH R
Рет қаралды 6 М.
Лучше мира и всего что в нем: Тайна двух ракаатов до утреннего намаза/ Абдуллахаджи Хидирбеков/
14:02
Зуда машенчохь юххе хаор / Ахьмад
14:39
Хьехам - Тах1аджуд (1уькъа) ламаз. Мохьмад Дадахаев 17.07.2019
16:55
Пайхмара ламаз муха оьцуш хилла ᴴᴰ
5:38
Исламан Бакъо New
Рет қаралды 144 М.