Рет қаралды 802
НАНА
Хьо ара ца йолуш йисичахьана
Хьан lаса санна со цхьалха ву нана
Хьо ламаз ца далуш йисичахьана
Хьан ойла санна со шийла ву нана
lуьйренан гlайгlа ю стигалан ами
Суьйренан гlайгlа ю хьан беса лами
Вахаран гlайгlа ю хьан къора уьйтlе
Нана цу гlайгlанах со къаьстар вуй те
Хьо ара ца йолуш йисина аьлла
Вайн кетlа мел богlу некъ акхабаьлла
Хьан сагlа юкъаха дисина аьлла
Пlераска вайн цlенна пен бетта даьлла
lуьйренан гlайгlа ю ков делла дезар
Суьйренан гlайгlа ю хьох дисна дезарш
Вахаран гlайгlа ю къаръелла зама
Хала ду Нана и гlайгlа лан lама...
Апти Бисултанов, 1987 шо