NAZMA studio_"Беттан гезг..."_Дадакаева Масани

  Рет қаралды 463

NAZMA STUDIO

NAZMA STUDIO

Күн бұрын

✅Подписывайтесь, ставьте лайки, делитесь нашими видео. Таким образом вы помогаете не только в продвижении каналов, но и в популяризации чеченской культуры.
✅По вопросам сотрудничества обращаться по электронному адресу sovukely@hotmail.com
✅Наш основной канал
/ @nazma-studio
✅Финансовая помощь проекту NAZMA. Деньги будут целенаправленно использованы для развития чеченской культуры.
www.paypal.com...
✅Наш второй канал
/ @malikaguno
✅Мы в соцсетях:
фейсбук
www.facebook.c....
инстаграм
/ isa_keloev
одноклассники
ok.ru/nazma.st...
📌📌📌
"Марзонийн цинцаш" цlе йолу NAZMA студин проект.
Байт йоьшуш ерг ю Дадакаева Масани.
Беттан гезг...
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза
Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг...
Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза
Деган дургал леша яьлла, сагатделча кIеззиг.
Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза
Беран мIаррал дагахьбаллам оза дезча шен.
Туьгуш дац-кха дегочура иза юха дерза:
Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тен...
Туьгуш дац-кха дегочура терза юхадерза,
Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь...
Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш,
Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь.
Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш,
ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш...
Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш,
Улле охьахийшош иллеш - уггар гергарнаш...
Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш,
Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош...
Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш,
Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош.
Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш,
Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин.
Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи...
Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам.
Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса,
Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан...
Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса,
Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га.
Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш,
Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!..
Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш,
Деган дургал леша яьлла, сатIундаларх кIеззиг.
Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза,
Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг...
Юсупов Iилман

Пікірлер: 1
@SovuKely
@SovuKely 6 ай бұрын
Дала сий дойла хьан, Масани!!!