НОХЧИЙН КЪАМ !

  Рет қаралды 31,893

ŐRDIN NAHAR

ŐRDIN NAHAR

7 жыл бұрын

НОХЧИЙН КЪАМ !
1
Дакъа д1адолла меттиг боцуш.
Кийра балхон доттаг1 воцуш.
Улле х1отта накъост воцуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
2
Корта бохбича когаш шеллуш.
Когаш бохбича корта шеллуш.
Лоьран молха тоаьш доцуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
3
Доьнал доцург г1ортор йоцуш.
Хьуьнар доцург Ваша воцуш.
Яхье амал йоьжна йоцуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
4
Г1иллакхо бен къардеш доцуш.
Ц1ануо бен хьайн сица йоцуш.
Делах бен хьо кхоьруш доцуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
5
Ломан бохьца хьайн Сий долуш.
Синна кхача марзо йолуш
Дезар коьртехь Маршо йолуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам
6
Шайн 1аламна т1алам болуш.
Лулахошца к1еда долуш.
Мостаг1ашца буьрса долуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам
7
Дустар барам Шар1а долуш.
Са ц1ена шайн дегнаш долуш
Ц1арматалла иэхье долуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
8
Комаьршонца саг1а долуш.
Къинхетамца дегнаш долуш.
Майраллийца ч1аг1уо йолуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
9
Дайн-Мохк безар ц1ийца долуш.
Элча везар дагца долуш.
Дела Хьукум коьртехь долуш.
Цхьалха деха Нохчийн къам.
Аьрсбин Абу-Бакр 19.05.17 шо:

Пікірлер: 72
@raisarais679
@raisarais679 3 жыл бұрын
Сица йолу ц1ано йу кьортаниг, СубханАллах1!
@Avturinsky
@Avturinsky 4 жыл бұрын
МАШААЛЛАХ1 ♥️
@beno4898
@beno4898 3 жыл бұрын
Хастам бу Далла , вайн къомехь мел долу хастаме г1иллакхаш Цуо вайна даларна! Хастам бу Далла, Яхь-бохуш долу х1ума шайн ц1ийца долш, Эхь-боку х1ума церан духар долш, Тешам-бохург церан дозалла долш болу Нанойш вай кхиъбарна Хастам бу Далла, Аллах1ан бе шайн кортош охьа цатов1аба шайн синош д1адала харжам беш хилла болу Дайн букъах вай хиларна Хастам бу Далла, къам г1елделча хенахь и къам самдокху дешнаш а байташ а ала, хьо санна болу вежарий вайна баларна, сан лераме ваша Абубакар!!!
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
Beno БаракАллах1,дика эли ахьа...Иштта хастам бу-кха цу Аллах1анна,хьо тайпа кхетам болуш, схьадаккха хьесап долу К1ентий Цуо война баларна а...
@Elenin_Platon
@Elenin_Platon 6 жыл бұрын
Дала эша ма войла иштта волу во1 нохчийн къоманна!
@BOY-ep8hh
@BOY-ep8hh 5 жыл бұрын
Абубакар, Дала лерам бойла хьаъ , ахь хьай къома ма барра.
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
Дала саг1а дойла сан Ваша хьан довхан дош а.БаракАллах1...
@BOY-ep8hh
@BOY-ep8hh 5 жыл бұрын
Дала иманех, доьнналех, яхьах ма доха дойла Нохчи къам.
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
Амийн...
@serviceservic5741
@serviceservic5741 4 жыл бұрын
Аллах1 рез хилийл хьун Абу-Бакар .
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
БаракАллах1...Аллах1-Дела реза хуьлда хьуна а, иштта массо а Шен Нийсонца дог-ойла мел йолучарна а !
@user-pw4xi1yi6x
@user-pw4xi1yi6x 5 жыл бұрын
Нохчо ву со цхьанна къоман къонахчуьнца гамо йоцуш . Эти слова влючают в себя очень глубокий мудрый смысл
@nazar-25
@nazar-25 2 жыл бұрын
АЛЛАХУ сий долд шун вежари .
@ibrahimsultanov3570
@ibrahimsultanov3570 5 жыл бұрын
Ма ща АЛЛОХУ
@user-rq9zd4fv2t
@user-rq9zd4fv2t 4 жыл бұрын
Дала сий дойла хьан Абубакр
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
Асият Закаева Дала Сий дойла хьан а, иштта массо а Шен Нийсонца дог-ойла мел йолучеран а !
@user-xy8hd8ii1e
@user-xy8hd8ii1e 6 жыл бұрын
дал ма си дин къам ду вай вайн хиъч дал барт цаъ бойл вай нохчи г1алха бусулб нех
@DARE_911
@DARE_911 2 жыл бұрын
Хаз хьекъал чулацам болш дик пайден дешнаш ду. Дел рез хуьлд хьун, Абубакар.
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 2 жыл бұрын
Faramu Дала саг1а дойла сан Ваша хьан довхан дош.
@sko6786
@sko6786 4 жыл бұрын
Дог делхош чог1а дешнаш ду.
@isaabu.8487
@isaabu.8487 5 жыл бұрын
ЦО буьцурш нохчи бу. Наши сердца , ещё бьются слава творцу .
@user-do8bu6kc1d
@user-do8bu6kc1d 5 жыл бұрын
х1ар къонах вукх вуй хуъш ц1ен нохчо дал сий дойл тха бусалб ваш
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
БаракАллах1...Аллах1-Дала Сий дойла хьан а, иштта массо а Шен Нийсонца дог-ойла мел йолучеран а !Къонах аьлча-м, дукха т1ех хуьлара иза,со санначунна.
@shovdadadaeva6288
@shovdadadaeva6288 4 жыл бұрын
Нахчошкар хьал ма дарра дуьйцуш яккхина и байт
@shffnu4614
@shffnu4614 5 жыл бұрын
Дала сий дойла Арсби Абу.Бакар! Ма барам боцуш к1оргера дешнаш ду уьшу!!!
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
БаракАллах1...Аллах1-Дала Сий дойла хьан а, иштта массо а Шен Нийсонца дог-ойла мел йолучеран а !
@user-nh9it1ct1w
@user-nh9it1ct1w 6 жыл бұрын
Ин ща Аллах ингуши ваши братья по воле Всевышнего
@abdullaabdulla808
@abdullaabdulla808 6 жыл бұрын
вайнах вайнахи Ин ша Аллах☝️
@user-pw4xi1yi6x
@user-pw4xi1yi6x 5 жыл бұрын
Ин ша АЛЛАХ1 брат мы были будем и есть братья по вере и по крови
@tursogyoutls5106
@tursogyoutls5106 5 жыл бұрын
Амин Аллаху Акбар!
@user-el7or6md8j
@user-el7or6md8j 5 жыл бұрын
Инша-Аллах1☝️
@user-ge5dn9fx8m
@user-ge5dn9fx8m 4 жыл бұрын
Ды вэй вежари! Масса1 хена дар! Хуга1 ды вэй масса хенах вежари! АлхьамдулиЛлаh!
@omansoltanate9100
@omansoltanate9100 5 жыл бұрын
Дела реза хуьлда хьуна тхан оьзда ваша !
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
БаракАллах1...Аллах1-Дела реза хуьлда хьуна а, иштта массо а Шен Нийсонца дог-ойла мел йолучарна а !
@Mahmud.Abubakarov
@Mahmud.Abubakarov 5 жыл бұрын
Вайн цхьалла дика схьаоьхьна. Наггахь дерриг дуьне вайна дуьхьалдаьллий техьа боху ойла коьрте йог1у...Вайгара даьлла х1уммаъ долуш-м дац хьуна и... Нохчий хилар сакхт и дерт делахь т1аккха бехке хила там бу вай. Амма шаьш дуу дуьне вайна хьарамдиначеран х1у тало-те вай х1аллакдича???Вайга шаьш цакхачарна дегнашкахь хьаг1-гамуо латточулла атта дацара-те вайгара цхьацца х1ума шайна схьаэцча???Кхийерг ца кхоош долчу, вайн махкахь ц1ий 1енашшехь цунах кхечарна беркатан бахьана латточу, ур-атталла мостаг1ех а къахеттал дикаллех хьарчийна оьздангалла йолуш долчу, вай ца кхоош лур дар-кха оьшучунна нохчалла!!! Цаьргахь и ца хиларна вай-м дац бехке!!!Абу-Бакар!X1орш ахь алийтина хьан дешнаш ду хьуна...
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 4 жыл бұрын
mahmud abubakarov Марша вог1ийла Мохьмад.Тховссалца ца гинера суна хьан доккхачу хьесапан кост жоп дала а,безказа вуьтур-кха ахьа.Ахьа ма аллара, бехк вайн цахиларна юха довла меттиг вайна битна а бац. Дера ю х1ара уггаре вуон цамгар.Бохчанаш шайн даккхий а долуш ,вайгара Делан къинхетамца лаьтташ йолун Къонахалла шайгахь ца хиларна,даьлла цаьрна и хьаг1 олун боьха д1овш.Иза къиза ду-кха цу шайт1анан доккхачу герзах дерг,хардангаш лелош.
@user-dz7cb5vh3t
@user-dz7cb5vh3t 3 ай бұрын
Бисмиллах1ирохьманирохьимм....
@iam233
@iam233 6 жыл бұрын
АЛХАМДУЛИЛЛАХ!
@tapreyttv9880
@tapreyttv9880 3 жыл бұрын
😍👍👍
@user-gz1if4wc4h
@user-gz1if4wc4h 4 жыл бұрын
😥😥😥😥🤲👍
@user-sm2rl2dt1o
@user-sm2rl2dt1o 4 жыл бұрын
Сила духа - лейтмотив стиха.
@ibrahimsultanov3570
@ibrahimsultanov3570 5 жыл бұрын
Мощные Слава
@user-el7or6md8j
@user-el7or6md8j 5 жыл бұрын
👍☝️
@bilalmurad6211
@bilalmurad6211 7 жыл бұрын
деш ниш хаза ду ала хьума дац ну и кхьонахи зама да яхь на нохчи мотт бицар нохчи цахьулу сульей зудо венаг нохчи к1ант ца хьулу вай дай киц неш ду зама хиц ела адам сих дела кесто декхьа ши д1еки вай мохк хаз бу дашо малх кхета и цу буза бет са кхета буьйсина адам болех ду дог лозу сингатамо кийрара дог лозу ненан б1арьгар тхиш оьег1у ша орга санна нанан дог чохь сингатам бу цо и цании цахьоиту ше дог чохь латта бо син гатам и бала доган Дог1а туьха вайна юкхьар боккхи нах да бойли те кьху цор ца кхета вай дай г1илакхьш иман дац собар дац кхетам бац марзо яц ларам бац безам марзо яц дуьйне даа аьтта дац ше мохк да тесна лелла даймохкан са туьйсуш буьйсина динах ойла яшь ма мерза бу ше мохк и нохчии кхьам тхан хьа гуш дол сурт дуьйнена бокхи цар йицина зама ю воккниг цалуш жимниг хьа нисар г1улуш ма сих ела йоду хьа зама
@ibnbandit
@ibnbandit 6 жыл бұрын
Bilal Murad къонахийн зама ца яьлла д1а. Къонахий масхенахь а хилла к1езиг
@user-vw2gi7tb5t
@user-vw2gi7tb5t 2 жыл бұрын
Кьант Ву х1о
@tur-top...
@tur-top... 7 жыл бұрын
Дела реза хуьлда хьуна!Хаза к1орггера маь1на долуш дешнаш ду!Текст вёрстка йиначо на 0:41 цхьа жима г1алат дина:"Хьуьнар" хила дезачу метта "Хьунар" яздина!
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 3 жыл бұрын
Дела реза хуьлда хьуна а, иштта массо а Шен Нийсонца дог-ойла мел йолучарна а !
@user-cn9wp2wu5e
@user-cn9wp2wu5e 5 жыл бұрын
СА-ВАШ-ЧТОБ БОЛЬШЕ МЫ НЕСТРАДПЛИ--НАДА-УЧИТСЯ-КАК СКАЗАЛ НАШ ПРОРОК-- НАДА ВСЕМ КТО СТАР И МОЛАД ОБЬЯВИТЬ ЛОЗУНГ-МЫ-УЧИМСЯ--И БУДЕМ-УЧИТСЯ-РАДИ-АЛЛАХА-И СВОЕГО-НАРОДА-ЭТА ХОРОШО ЧТО Ы ВЫ В ЕВРОПЕ-НО ОЧЕНЬ-МНОГА СРЕДИ-ВАС-ЗАСЛАНЫХ-КАЗАЧКОВ.И ЛЕ МА ЛЕ ЦАНА-ВАЙНЕХА-СТАГАН.
@user-cl8lg8nz5s
@user-cl8lg8nz5s 6 жыл бұрын
Более 7 000 просмотра и так мало лайков. ((.
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 6 жыл бұрын
Х1у хуьлуш лаьтта вайха х1ай Нах Д1оьвше дош ма атта олу вай И бу вайн вовшашка болу мах Хазчу дашна ма къиеделла вай ? \ Аь.А.\
@Elenin_Platon
@Elenin_Platon 6 жыл бұрын
Ма хаза,нийса дешнаш ду х1орш.Дала дукх ваха войла хьо Воши!
@iek9912
@iek9912 4 жыл бұрын
@@ordinnahar2073 Багара ара мел долу дош сих кхеташ ала хаар ю йоккха корматалла. Дела реза хилда хьуна вайн къома а, вайн къома меттан а сий айадарна.
@tamerkhanhalimov8304
@tamerkhanhalimov8304 5 жыл бұрын
Дизлайком чечено говоряшие отметились
@user-qh4jz7rw5n
@user-qh4jz7rw5n 7 жыл бұрын
Где можно эту музыку скачать, как называется и кто автор?
@ordinnahar2073
@ordinnahar2073 7 жыл бұрын
porto Proporto 1амарбек и Али Димаевы Композиция "Фантазия" kzbin.info/www/bejne/qWHcqGiAptpol7M
@---zs3sh
@---zs3sh 7 жыл бұрын
Хаза дешниш ду,Дала диканц бекхам бойла
@mansuryusupov4138
@mansuryusupov4138 7 жыл бұрын
салаф-15 салаф-15 ма ч1ог1а чулацам болуш,хаза дешнаш ду уьш. ВЕЗАЧУ ЦУ ДАЛЛА,ШЕН КЪИНХЕТАМ БОЙЛА НОХЧИЙН МИСКАЧУ,МАЙРА,ЯХЬ ЦОЛЧУ КЪОМАН!!!
@stinger475
@stinger475 5 жыл бұрын
Со ву ахь ца1 оол бохш 1аш
@noxchidada7747
@noxchidada7747 5 жыл бұрын
Ахмат сила, ала лаари хьуна! Астафируллах1!!!
@user-px3zq5sz4v
@user-px3zq5sz4v 6 жыл бұрын
Делах Аллахьахь тешаш мухле дацар нохчи къам, цхьа 10%хилаъ мег и то неизвестно, ахчнах дохклуш къам дукх, ша,ша ц1ен ву мотит г1ерташ, а шай воридех дуьна ц1ен ц1и долчарн хаам хаъ, боьх х1ух схьа ваьлларг мил ву я мил вац.
@Elenin_Platon
@Elenin_Platon 6 жыл бұрын
Гром и Молния А хьо милох чарех ву,доттаг1?
@ibnbandit
@ibnbandit 6 жыл бұрын
Гром и Молния со ца кхета хьо ала г1ертачух. Нохчий дохкалуш къам ду боха ахь, Делах тешаш къам а дац боха ахь. Тоханлерачу питанан заманахь вайла а дика Делах тешаш къам схьадийцахь суна. Ас ца боха хьуна вай дики дези къам ду. Дац, вай цхьаннала а деза дац. Амма оццал вайн къам бехдаллал айхьа барам бусташ долу къам цхьадийцахь суна. Делан Элчано боху, Делера маршала а ловца а хуьлийла цунна: "Къам х1аллак хилла бохучо ша х1аллак дина из къам". Вай оццал д1адаьлла къам ду ахь бахахь, уггари хьалха бехкен верг хьой вуйла хаалахь!!!
@ibnbandit
@ibnbandit 6 жыл бұрын
Tamerlan Mishiev нохчий ца безачарехь ву-кх
@ibnbandit
@ibnbandit 6 жыл бұрын
Ахь х1у къахьегна вайн къам тодалийта алахь соьга
@user-px3zq5sz4v
@user-px3zq5sz4v 6 жыл бұрын
Сайид Кавказ Ас х1у къа хьегга Алахьан, со йоьйза чарна хиъчхьана тоьуш ду сун.
Каха и суп
00:39
К-Media
Рет қаралды 6 МЛН
Now THIS is entertainment! 🤣
00:59
America's Got Talent
Рет қаралды 39 МЛН
Heartwarming moment as priest rescues ceremony with kindness #shorts
00:33
Fabiosa Best Lifehacks
Рет қаралды 38 МЛН
Iron Chin ✅ Isaih made this look too easy
00:13
Power Slap
Рет қаралды 33 МЛН
И ДУ-КХА Х1АРА ДУЬНЕ...
1:14
Аьрзу Банжаев
Рет қаралды 523
Мичахь ду нохчи г1иллакх?
2:44
Baret Ulbieva
Рет қаралды 148 М.
Тукхум - Нах - Къам. ВАЙ НОХЧИЙН НАХ
11:26
Сулейманов Джамбулат
Рет қаралды 44 М.
Ойсхар . Воккхачу стеган дийцар .
3:40
Ahmed Miliev
Рет қаралды 49 М.
Каха и суп
00:39
К-Media
Рет қаралды 6 МЛН