Хабаев Исмаил | «КХОЙТТАНАН ЦlАРАХ» ▪︎Зандакъойн lаьлбаг-Хьаьжа тангlалкха тlе воьдуш▪︎

  Рет қаралды 2,777

NOHCHI DOSH

NOHCHI DOSH

3 жыл бұрын

«КХОЙТТАНАН ЦlАРАХ»
(Зандакъойн lаьлбаг-Хьаьжа тангlалкха тlе воьдуш)
«ТангIалкхо, дегI дерах, сатийсам ма ца боь» бохуш,
Йоккхачу тоьпана дуьхьала даьккхинчу туьрца
Хьох йолу шеконаш цистинарг ву хьуна вогIуш,
Гой хьуна, маршо?
Цахууш ма вац и хьо юьсур юйла
Лаьттарчу дахарах цадашар гойтуш,
Стигларчу хIаваэхь шен тIемаш лестош,
Аьрзуно хелхарца юх-юха хестош.
«Ма чIогIа са-боьха вина-кх хьо, сан мостагI, виначо.
Соьга а, сан цIийнан тIулга тIехь Iуьллучу тIулге а,
Хьан луьра цабезам кхоллалуш
ВорхIе а ден букъан тIамарехь хилла со.
Цундела сайн хьоьца барт хир бац аьлла,
Сайн ненан аганан иллешца барт хилла ву со.
Орцанна марзахой цIераш а йохуш,
Кхийкхина несарий гиначу сайн шина бIаьргана
Хьо вайча цамага дуй биъна ву со»...
Нохчийчоь, хьан кийрахь дуьненчу мел волу
Турпалхо цу дешнийн да хила ма волу!
«ДIаяло,
ДIаяла, харцо, сан бIаьргашна хьалхара,
Кхин цкъа а хьо ца ган мах бац сан Iожалла.
Зингато гIодаюкъ хадарна ца кхерахьара
ДIатакхор дара ша баьхнарг бен дуй хIара дуьне…?»
Къамкъаргахь цу дешнех хиллачу къурда тIе хьаькхча
Урс ирлур ма дара зуламна кечлучу къуьне.
Хаттаран хьаьркаша хьевзина долу шайн баккъаш
Хьала а нисдина, яьстира йихкина яккъаш…
Хьан Дала хьайн къайле цIинйойла, маршо!
Хьан Дала хьайн гуче хазйойла, маршо!
Наноша мостагIех лечкъочу берийн
Iарждала кхиале къежделла пхьаьрчоьш
КъинтIера дехи цо, чалтачо муш логах хьарчош:
«Сан тешнабехкана дуьхьаладаккха
Доьналла ца хили, аш бехк ма баккха…»
Нана, со дIавоьду, дIаваха хIиттина
Бахьанаш, делхадеш, тIаьхьа а хIиттийна, бохуш,
Сох тховса къахетар - къинхетам бац хьуна, бохуш,
Нохчийчоь суна сайн сил дукха ма еза, бохуш,
Шен дешнех шен са ца кхаьрдашверг хиллера вогIуш.
© Хабаев Исмаил

Пікірлер
Подарок Абрека Зелимхана казачке
6:21
Great Caucasus
Рет қаралды 98 М.
Players vs Corner Flags 🤯
00:28
LE FOOT EN VIDÉO
Рет қаралды 36 МЛН
Angry Sigma Dog 🤣🤣 Aayush #momson #memes #funny #comedy
00:16
ASquare Crew
Рет қаралды 50 МЛН
МЕБЕЛЬ ВЫДАСТ СОТРУДНИКАМ ПОЛИЦИИ ТАБЕЛЬНУЮ МЕБЕЛЬ
00:20
Хабаев Исмаил - Дехалахь❗Тешалахь❗
6:25
Хабаев Исмаил - БАККЪАЛДЕРГ
4:46
NOHCHI DOSH
Рет қаралды 2,1 М.
Хабаев Исмаил | «ИРСАН КЪАЙЛЕ»
7:53
Men Adamov
Рет қаралды 25 М.
Players vs Corner Flags 🤯
00:28
LE FOOT EN VIDÉO
Рет қаралды 36 МЛН